Логин: Пароль:

Государственное бюджетное учреждение «Центр народного творчества»

364020, Чеченская Республика г. Грозный, ул. Деловая, д.19/65

+7 (8712) 22-29-73  
 
 
  ГлавнаяРуководствоВизитная карточкаСтруктураУстав/положениеДокументыНовостиГалереяВидеогалереяВакансииМы в СМИКонтактыЧастые вопросы (FAQ)Электронная приемнаяНаправления деятельностиОценка качества услугОБЩАЯ ИНФОРМАЦИЯ
 

ДАЛА МАРХА КЬОБАЛДОЙЛА ШУН!

23.05.2020

Ассаламу Iалайкум, лараме махкахой! Де дика а, АллахI Делера салам-маршо а хуьлда шуна!

Наггахь вогIу лараме хьаша санна, Делера беркат дохьуш беъна, байш, къаной, гIийла-миска хьаьстина, де эшнарг толийна, Iесаниг нисвина, хийла доьхна са декъалдина, дIабаха АллахI Дала шена чохь сийлахь деза Къуръан доссийна болу мархин бутт - ШахIрул Рамадан. Хала хан яра цо вайца яьккхинарг, чолхе хан яра, хьалхенца девзина доцу ун даьржина, чутийна адам хьере хилла хан яра. Бакъду-кх и, буобераша а тIехь. вай даггара кхобучу мархийн, Деле дечу гIийлачу доIанийн дозалло, хIора хIусамехь доьшучу Къуръанан сийлалло яйъйина, селхана тIееъча санна, мел атта ели и чекх. Цо кхетадо АллахI Дала Шен сийлахь Рамадан, вайна оцу коронавирусах болу кхерам а, цуьнгара хетало бала а бицбан, адамшана дахар делларг а, шен зама тIекхаьчча, и дIаоьцу верг а Ша бен воций хаийта, совгIатана белла кхаъ хилар. Атом хилла, Дуьне эккхарх, цхьана а вирусана корона тилла да ма вац, цхьа АллахI воцург. Делехь ду вайх цамгар хьарчар а, цунах вай тодалар а. Цундела, вирусах лардала, тIехь долчу Iедало билгалдина бахьана а лелош, тIейогIу хенахь а, Далла хьесталуш, Далла Iибадат деш, ваьш кхоьллинарг а, ваьш кхиош, кхобуш, ваьшна рицкъанаш латтош верг а мила ву хаа, Цунах теша, Цунах кхера хуур ду вайна, Дала мукъалахь. Мархин бутт чекхбаларца доьзна, луур ду вайн культурин министерствин а, республикин халкъан кхоллараллин ЦIийнан а куьйгаллин цIарах аша кхаьбна шун марханаш къобалдан. АллахI Дала оцу батта чохь аша мел хьегна хало, лайна гIело, чохь дохкуш шуна хилла ницкъ а, цу хенахь аша дIатесна жима, доккха къа а, вовшашна гечйина хьагI, гамо, чIираш, йина Iамал а, дешна Къуръан а Шен дуьхьа лорийла! Махкана тIегIерта цамгаран бала дIа а оьцийла! Тахана дуьненахь а, кхана къематдийнахь а декъалдойла аша чIагIдина шун ийман! Юха марханаш кхаба, маьршачу, паргIатчу хьолехь долуш уьш даста хан-зама а, могашалла а лойла!

Беъна а балале, ма гIуохьа дIа.

Цхьаъ мукъа, ахь тхоьца даккхахьа Iа!

Екъахьа бIаьсте, хьайн аьхкенан хан,

Лаьттан тIехь адамийн барт кхиабан!

 

ХIай, ШахIрул Рамадан, дуьтуш тхо буо,

Хьайгара деза хьал, дерг дIа ма хьуо!

Кхоьллинчун мерза кхаъ биэкъа, схьалуо,

Тахна тхох де эшнарг, кхана – туоло.

 

Сица айп вериг а хьоьга нисло,

Мисканиг вехаш во, доцче ирс ло…

Велларг а хьуна чохь, декъал ма во

–АллахIа елла хьоь Шен комаьршо.

 

Мас дика дара тхан, лерина дан!?

Чевнаш а, ца кхии вовшийн гечъян…

Дог Iаббош, юх-юха - деша Къуръан,

Мел боца хилла хьо, хIай, Рамадан!

 

Сих ма луо, куьг ластош, Iодика ян,

КIезиг ю, ахь еъна ткъе итт де хан…

Кхиийта хьайн нуьрца синош цIандан,

Ца хаьа доьгIний а вай юха ган (А.Уциев).